Людовик XIV

1000 йукъара цхьа йаззам
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Людовик XIV
Louis XIV
ГӀуллакхан тайпа политик, коллекционер искусства, Актёр, монарх, пачхьалкхан гӀуллакххо
Вина терахь 1638 шеран 5 сентябрь({{padleft:1638|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})
Вина меттиг Сен-Жермен-ан-Ле, Франци
Кхелхина терахь 1715 шеран 1 сентябрь({{padleft:1715|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (76 шо)
Кхелхина меттиг Версаль, Франци
Корматалла 64-гӀа Францин паччахь
Гражданалла Франци Франци
Да Людовик XIII
Нана Австрин Анна
Зуда
  • Австрин Мария Терезия
  • Франсуаза де Ментенон
Бераш

1-ра зудчуннах:
кӀентий:

йоьӀарий:

  • Анна-Елизавета
  • Мария-Анна
  • Мария-Тереза
шортта къоталгӀа дина бераш, царах цхьадераш тӀелаьцна
Куьг таӀор Куьг таӀор
Людовик XIV Викилармехь

Людовик XIV де Бурбон, (вича цунна цӀе йелира Луи́-Дьёдонне́ «Дала велла», фр. Louis-Dieudonné), иштта цунах олура «малх-паччахь» (фр. Louis XIV Le Roi Soleil), иштта Сийлахь-воккха Людовик (фр. Louis le Grand), 1638 шеран 5 сентябрь, Сен-Жермен-ан-Ле — 1715 шеран 1 сентябрь, Версаль) — Францин а, Наваррин а паччахь 1643 шеран 14 май дуьйна. Иза паччахь вара 72 шарахь — Европин исторехь массарелла а дукха.

Людовик XIV жима волуш хенахь
Людовик XIV жима волуш хенахь
Людовик XIV статуя Версалехь
Шарль Лебренс диллина сурт. Канцлер Сегье. 1660 шо.
Жан-Батист Кольбер
Жак Савари
Николя де Ларжийерс диллина сурт. Людовик XIV шен доьзаллаца
Мадмуазель де Блуа а, Мадмуазель де Нант а

Зударш а, бераш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • (1660 шеран 9 июнь дуьйна, Сен-Жан де Люц) Мария-Терезия (1638—1683), Испанин инфанта
    • Сийлахь-воккха Людовик Дофин (1661—1711)
    • Анна-Елизавета (1662—1662)
    • Мария-Анна (1664—1664)
    • Мария-Тереза (1667—1672)
    • Филипп (1668—1671)
    • Луи-Франсуа (1672—1672)
  • (1684 шеран 12 июнь дуьйна, Версаль) Франсуаза д’Обинье (1635—1719), маркиза де Ментенон
  • Езар Луиза де Ла Бом Ле Блан (1644—1710), герцогиня де Лавальер
    • Шарль де Ла Бом Ле Блан (1663—1665)
    • Филипп де Ла Бом Ле Блан (1665—1666)
    • Мария-Анна де Бурбон (1666—1739), Мадемуазель де Блуа
    • Людовик де Бурбон (1667—1683)
  • Езар Франсуаза-Атенаис де Рошешуар де Мортемар (1641—1707), маркиза де Монтеспан (7 бера):
    • Луиза-Франсуаза де Бурбон (1669—1672)
    • Луи-Огюст де Бурбон, Герцог Мэнский (1670—1736)
    • Луи-Сезар де Бурбон (1672—1683)
    • Луиза-Франсуаза де Бурбон (1673—1743), Мадемуазель де Нант
    • Луиза-Мария-Анна де Бурбон (1674—1681), Мадемуазель де Тур
    • Франсуаза-Мария де Бурбон (1677—1749), Мадемуазель де Блуа
    • Луи-Александр де Бурбон, Граф Тулузский (1678—1737)
  • Езар (1678—1680) Мария-Анжелика де Скорай де Руссиль (1661—1681), герцогиня де Фонтанж
  • Езар Клод де Вен (1638 гергга — 8 сентября 1686), Мадемуазель дез Ойе
    • Луиза де Мезонбланш (1676—1718)

Людовик XIV васт массийн культурехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Людовик XIV ву Александр Дюмас йазйина «Кхо мушкетер» книган коьрта историн персонажах цхьаъ.

1929 шарахь арахийцира фильм «Эчиг тутмӀаьжиг». Иза йара Дюмас йазйина «Виконт де Бражелон» книгица йаьккхина. Оцу фильмехь Людовик а, цуьна шал вина ваша роль левзира Уильям Блэкуэлл. Луи Хэйвард левзира шина вешина роль 1939 шарахь йаьккхина фильмехь «Эчиг тутмӀаьжиг йолу стаг». Ричард Чемберленс левзира и роль 1977 шарахь йаьккхина фильмехь, Леонардо Ди Каприос — 1998 шарахь. Французаш 1962 шарахь йаьккхина оцу фильмехь и роль йара Жан-Франсуа Поронехь.

1966 шарахь Роберто Росселлини йаьккхира биографин телефильм Людовик жима волучу хенах лаьцна «Людовика XIV дарже кхачар». Иштта цунахь лаьцна йу Жерара Корбьё режиссёрс йаьккхина фильм «Паччахь хелха волуш ву». Оцу фильмехь гойтуш йу Ӏедалан а, исбаьхьаллин а йукъаметтиг. Людовик XIV ву «Ватель» цӀе йолу Ролан Жоффес хӀоттина драмин коьрта персонажах цхьаъ.

Цу хенахь хилларш гойту Нин Компанеецс 1996 шарахь йаьккхина жима сериалехь «Паччахьан некъ». Иза йу историн драма Франсуаза Шандернагор книги йаьккхина «Паччахьан аллей: Франсуаза д’Обинье, маркиза де Ментенон, Францин паччахьан зудчуна дагалецамаш». Людовик XIV ролехь вара Дидье Сандр.

«Анжелика а, паччахь а» фильмехь Людовикан ролехь вара Жак Тожа. Людовик иштта гучуволу оцу сериалан хьалхара шина фильмехь: «Анжелика — маликийн маркиза» и «Исбаьхьалле Анжелика».

1993 шарахь Роже Планшонс йаьккхира биографин фильм «Луи, паччахь-бера» Людовик XIV жима волучу хенах лаьцна.

ХӀинцалера российн кинематографехь Людовик XIV роль левзира Москохан Керла драматически театран артист Дмитрий Шиляев Олег Ряскован фильмехь «Паччахьан йалхо».

Людовик XIV лаьцна Францехь хӀоттина мюзикл «Малх-паччахь».

«ГӀоринарг: Юконера Иван мультфильмехь» Людовик гайтина жима волучу хенахь.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Людовикан амалаш а, ойланаш а йовза тоьллачарех хьост йу цо йазйина «Oeuvres». Иза арахецан Парижехь «Grimoird а, Grouvelle а» издательствехь (П., 1806).

  • Saint-Simon, «Mémoires complets et authentiques sur le siècle de Louis XIV et la régence» (П., 1829—1830; нов. изд., 1873—1881);
  • Depping, «Correspondance administrative sous le règne de Louis XIV» (1850—1855);
  • Moret, «Quinze ans du règne de Louis XIV, 1700—1715»(1851—1859); Chéruel, «Saint-Simon considéré comme historien de Louis XIV» (1865);
  • Noorden, «Europä ische Geschichte im XVIII Jahrh.» (Дюссельд. и Лпц., 1870—1882);
  • Gaillardin, «Histoire du règne de Louis XIV» (П., 1871—1878);
  • Ranke, «Franz. Geschichte» (т. III и IV, Лпц., 1876);
  • Philippson, «Das Zeitalter Ludwigs XIV» (Б., 1879);
  • Chéruel, «Histoire de France pendant la minorité de Louis XIV» (П., 1879-80);
  • «Mémoires du Marquis de Sourches sur le règne de Louis XIV» (I—XII, П., 1882—1892);
  • de Mony, «Louis XIV et le Saint-Siège» (1893);
  • Koch, «Das unumschränkte Königthum Ludwigs XIV» (с обширной библиогр., В., 1888);
  • Кох Г."Очерки по истории политических идей и государственного управления" С.-Петербург, издание С. Скирмунта, 1906 г.
  • Гуревич Я. «Значение царствования Л. XIV и его личности»;
  • Дюма А. Людовик XIV и его век. М.: «Издательство Альфа-книга», 2011. — 780 с. (Полное издание в одном томе).
  • Ле Мао К. Людовик XIV и парламент Бордо: весьма умеренный абсолютизм // Французский ежегодник 2005. М., 2005. С. 174—194.
  • Трачевский А. «Международная политика в эпоху Людовика XIV» ("Ж. М. Н. Пр., 1888, № 1-2).

Хьажоарагаш[нисйе бӀаьра | нисйе]