Парижера Марйаман килс

48°51′11″ къ. ш. 2°20′59″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Католикийн килс
Парижера Марьяман килс
фр. Notre-Dame de Paris
2019 шарахь цӀе йалале хилла гӀишло
2019 шарахь цӀе йалале хилла гӀишло
48°51′11″ къ. ш. 2°20′59″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Франци
ГӀала Париж
Дин Католикалла
Епархи Архиепархия Парижа[d]
ГӀишлон тайпа Килс
Архитектурин хатӀ готическая архитектура Франции[d], Ранняя готика[d], лучистая готика[d], классическая готика[d]
Архитектор Шелль, Жан де[d], Монтрёй, Пьер де[d], Пьер де Шель[d], Жан Рави[d], Раймон дю Тампль[d]
Йиллинарг Морис де Сюлли[d]
Йиллина терахь 1163
Реликвеш а, сийлаллаш а Ӏийса пайхамаран коканийн таж
Статус 1862
Локхалла 69 метр йа 90 метр
ГӀирс белый камень[d]
Хьал 2019 шеран 15 апрелехь цӀейаьллачул тӀаьхьа меттахӀоттош.
Сайт notredamedeparis.fr
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Пари́жера Марья́ман килс, кхин а парижера Нотр-Да́м килс йа Нотр-Да́м-де-Пари́[1] (фр. Notre-Dame de Paris) — Парижан йуккъера католикийн килс, французийн коьрта шахьран сийлаллех цхьаъ. Парижан архиепархин кафедрин килс. Лаьтта Сите гӀайренан малхбален декъехь, гӀалин 4-гӀа гуонехь, Парижан керсталлин дуьххьарлера килсан меттигехь — Сийлахь Стефанан базилика хиллачохь, иза, шен рогӀехь, йоьттина галла-румхойн Юпитеран бух тӀехь. Готикин килс йуьйгӀира парижан епископан Морис де Сюллин дагадеина 1163—1345 шерашкахь. Сакъдаран дакъа даздина 1182 шарахь; Малхбузен фасад а, бӀевнаш а чекхйаьхна XIII бӀешеран шолгӀачу чийрикехь. 1235 шарахь дуьйна баккхий хийцамаш бира: тойира нефан контрфорсашна йукъара зугӀарш (XIII бӀешеран йукъ); трансептан барам боккха бира (архитекторш Жан де Шель 1250 шарахь дуьйна, Пьер де Монтрёй 1267 шо кхаччалц); тӀетуьйхира хоран зугӀарш а (Пьер де Шель[fr] а, Жан Рави[fr] а XIV бӀешеран йуьхьиг), деамбулаторийн йаккхий аркбутанаш (Жан Рави, XIV бӀешеран йуьхьиг). XIX бӀешарахь Виолле-ле-Дюкан куьйгаллица тодина Революци йолуш дохийна скульптурин дакъа, тодина нефан витражан ровзанаш, байинчун меттана хӀоттийна керла цӀогол[2].

Йалхдекъан нервюрин нартол йолу йаккхийра готикин килсех хьалхарчех цхьаъ[3], цу тӀе романийн хатӀ тӀера Нормандин хотӀе дехьадовларан муьрера амалаш Ӏалашйина: шала агӀонан дохаллин нефаш а, трибунаш хилар (лакхарчу галерейн) а. Малхбузен фасадо тешалла до архитектурин композицин говзаллех; цуьнан чувоьду кевнийн скульптурин кечдар готикин говзаллин шедевр йу. Аьтту агӀорхьара Сийлахь Аннин ков — уггаре шира ду (XII бӀешеран чаккхе); йуккъера Къемата дийна ков (1220—1230 шераш) дуккха а тодина; Марйаман ков — къилбаседехьара, аьрру агӀорхьара (XIII бӀешеран йуьхьиг). Килсан къилба агӀорхьара трансептан ков (XIII бӀешеран шолгӀа дакъа) лерина ду керстачеран дуьххьара Ӏазапхочунна Сийлахь Стефанна. Шира витражаш ца йисина трансептан шина ровзанехь а, коьрта неӀаран ровзанехь а бен[2].

Реликвеш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Килсехь Ӏалаш деш ду керсталлин уггаре дезачех реликви — Ӏийса пайхамаран Коьллийн таж. 1063 шо кхаччалц таж лаьттира Къудс-ГӀалара Сион лам тӀехь, цигара иза дӀайаьхьира Константинополера византин императорийн гӀала. Балдуин II де Куртенэ, Латинан империн тӀаьххьара императоран дийзира реликви закъалтана Венецехь йита, амма дӀайала хӀума а ца хилла иза схьа ца иэцайелира. 1238 шарахь Францин паччахьо Людовик IX Сийлахьчо ийцира таж византин императорегара. 1239 шеран 18 августехь паччахьо чуйеира иза Нотр-Дам-де-Пари. 1243—1248 шерашкахь паччахьан кертахь Сите гӀайренна тӀехь Коьллийн таж Ӏалашйан йуьйгӀира Сент-Шапель (Сийлахь зугӀар), иза лаьттира Французийн революци хиллалц. ТӀаьхьуо таж дӀайелира Нотр-Дам-де-Парин хазне.

Туризм[нисйе бӀаьра | нисйе]

2019 шеран 15 апрелехь цӀейаллалц килсе хьажа хӀора шарахь вогӀура 14 миллион стаг, иза йу Европехь уггаре йевза иэсех цхьаъ. ЦӀейаьллачул тӀаьхьа килс тойеш йу, тӀе ца вуьту.

Оьздангаллин а, говзаллин а кхолламашкахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йуккъера бӀешерашкара наггахь дисина килсан сурт ду суртдиллархочун Фуке Жанан иллюминаци йина «Шевалье Этьенан дуӀанийн жайнан» манускриптехь (1452 гергга—1460), иза дина Карл VII волуш коьрта хазанча хилла (1452—1461) Шевалье Этьенна[4].

Исбаьхьаллин литературехь

Килс коьрта «персонаж» йу лахарчу кхолламашкахь:

Театрехь
Кинематографехь

Видеоловзаршкахь

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Кеп:Книга:Прописная или строчная
  2. 1 2 Ларусс 1979 года в 22-х томах, т. 15, с. 6596
  3. Шестичастный свод (фр. voûtes sexpartites) — когда отдельный квадрат свода делится не на четыре, как ранее при четырёхчастном своде, а на шесть частей: для большей прочности к двум скрещённым нервюрам добавляется поперечная третья.
  4. Вен-Труа, 2012, с. 86.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]